Йиллина урок «Ненан мотт-г1иллакхан хьоста»

25 апрель нохчийн меттан Де лоруш, Нохчийн Куьйгалхочо Кадыров Р.А даьккхинчу Омрица массо а школашкахь д1ахьо меттан де даздар.


25 апрелехь 2019 шарахь Шуьйтарчу юккъерчу школехь 11 классехь д1аяьхьира йиллина урок «Ненан мотт-г1иллакхан хьоста». Урок кечйинера нохчийн меттан хьехархочо Пацаева Л.А Дешархоша дика кечам бинера урокана. Нохчийн меттан хазалла, исбаьхьалла хестош,, г1арабевллачу яздархойн байташ йийшира дешархоша.Иштта урокана кечам беш, масех дешархочо кечйинера доклад.