Вайн къоман дахарехь даздеш долчу денойх уггар деза дерг а, вайн къоман уггар сийлахьчу денойх дерг а, соьга хаьттича, Нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай х1ора шарахь 25-чу апрелехь.
Стеган къам къастош берг буьйцуш болу мотт бу. Мотт — вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а, х1ора нохчочун а дахаран хазна ю.
25-чу апрелехь Шуьйт- к1оштан Борзерчу ишколехь д1аяхьира нохчийн маттан лерина «Ахь вина сох нохчо, – сан ненан мотт! » аьлла мероприятии. Оцу мероприятехь дакъалоцуш бара 1-11 чу классашкара дешархой. Дешархоша лерина кечам бира цу мероприятина.
Нохчийн меттан хьехархой Оздеева А.А., Джамалдинова Т.А-Х., Магомадова Х.К.
Нохчийн шира кхача аьлла болу кьовсамехь дакъа лецира 2-8 классашкара дешархоша.
Хьалхара дош делира нохчийн меттан хьехархочунна, Оздеева А.А., цо дийцира нохчийн меттан сийлаллех лаьцна.
Нохчийн мотт 1амош, буьйцуш, безаш волчунна уггаре мерза «кхача» санна бу.
Мотт бу – къам ду, мотт бац- къам дац, аьлла нохчийн Дуьххьара Президента Кадыров А-Х.А.
Алпа Ахмедовнас йийшира ша язйина йолу нохчийн маттах лаьцна байт «Ненан мотт».
Т1аккха дош делира дешархошна.
Сидов Билал: « Ненан мотт»;
Шейхи Арсанукаеви Байт: « Нохчийн мотт» д1айишира Гарбалатова Жейнас;
Цуруев Шарипан Ненан маттах лаьцна аьлла дешнаш дишира:Шамсадова Иманис;
Ризавди Исмаилов йиш: «Ненан мотт» 7 чу классера дешархой;
Байт: «Нохчо ю со» Озниева Р.;
«Забаре дийцарш» Юсупова Х., Хасарова М.
Нохчийн хелхар.
Шен даймахке бакъболу безам хила тарлуш дац, шен ненан матте безам цуьнан бацахь. Шен къоман матте бен доцуш хьоьжуш верг — акха ву. Иза дахарехь зуламе ву, х1унда аьлча, шен ненан матте бен дацаро гучудоккху шен къоман д1адахнарг а, х1инца долушдерг а, кхана хиндерг а, цунна бен-башха цахетар?
Цу т1ехь чекхйелира тхан 25 — чу апрелехь Нохчийн меттан де даздеш кечйина мероприяти. Ч1ог1а самукъане д1аяьхьира нохчийн маттана лерина йолу хан.
Дала ненан мотт беза, цуьнан сий дан, иза к1орггера бовза а ницкъ лойла вайна.